Kredity
PERFORMING ARTISTS
Суммая
Performer
COMPOSITION & LYRICS
Казбек Шарипов
Songwriter
Texty
Дахарехь беъна ахь керла некъ хийца,
Хан зама ца тоьал дукха дийца.
Коьртера ойланаш сих елла хьийза,
Хьо хIунда веа те са дагца къийсам.
Коьртера ойланаш сих елла хьийза,
Хьо хIунда веа те са дагца къийсам.
Зазану хаз йинчу беше а юйлуш,
ХIора а зезагах дага а юйлуш.
Денош ма дIауьду хьо цаьрга вуьйцуш,
Вуй те хьо хьай зезаг гаре сатуьйсуш
Денош ма дIауьду хьо цаьрга вуьйцуш,
Вуй те хьо хьай зезаг гаре сатуьйсуш.
Шовданехь дагара дуьйцучух хьоьгуш,
Йист йоцчу ирса зуд кхийла а стуьгуш.
Бус буса еш йолчу ойланца къуьйсуш,
Седарчи къа хеташ са б1аьра хьуьйсу.
Бус буса еш йолчу ойланца къуьйсуш,
Седарчи къа хеташ са б1аьра хьуьйсу.
Йист йоцчу ойлане башхалаш хийца,
Хан зама тоьар яц дагахь дег дийца.
Жимачу са гена некъаша хийца,
Хьо хIунда веа те са дагца къийсам.
Жимачу са гена некъаша хийца,
Хьо хIунда веа те са дагца къийсам.
Коьртера ойланаш сих елла хьийза,
Хьо хIунда веа те са дагца къийсам.
Коьртера ойланаш сих елла хьийза,
Хьо хIунда веа те са дагца къийсам.
Written by: Казбек Шарипов