Создатели
ИСПОЛНИТЕЛИ
Айза Гамаева
Исполнитель
МУЗЫКА И СЛОВА
Айза Гамаева
Композитор
Магомед Махаев
Автор песен
Слова
Дахаран марзо са дуьнена серло
Хьоьл деза лаььта т1ехь х1умма дац са
Берриге бахам са, хьа дега йовхо
Со йина кхиийна, хьоме нана
Эсала хьа б1аьргаш седарчий сийна
Са ирс ду цаьрна чохь, со мел еха
Бераллехь нана хьо,хьийзорна хийла
Доьху ас къинт1ера яла суна
Нана са нана хьо ирс долуш яхийта
Деле ас до1анехь,йоьху, хьо даимна
Вай вовше къастина,ма гойла зама
Яхалахь хьо дукха са хьоме нана
Нана са нана хьо ирс долуш яхийта
Деле ас до1анехь,йоьху,хьо даимна
Вай вовше къастина,ма гойла зама
Яхалахь хьо дукха са хьоме нана
Хийла ахь наб йоцуш буьйсанаш яьхьна
Са доьхьа к1ад ца луш,ахь хьегна къа
Тахана даггара олу ас хьуна
Баркалла,баркалла хьоме нана
Хьо уьллехь хилча ю,со майра нана
Ца кхоьру, г1айг1анех,баланех со
Яхалахь са нана массо а ханна
Хьо мел ю дахарехь,ирсе ю со
Нана са нана хьо ирс долуш яхийта
Деле ас до1анехь,йоьху,хьо даимна
Вай вовше къастина,ма гойла зама
Яхалахь хьо дукха са хьоме нана
Нана са нана хьо ирс долуш яхийта
Деле ас до1анехь,йоьху,хьо даимна
Вай вовше къастина,ма гойла зама
Яхалахь хьо дукха са хьоме нана
Нана са нана хьо ирс долуш яхийта
Деле ас до1анехь,йоьху,хьо даимна
Вай вовше къастина,ма гойла зама
Яхалахь хьо дукха са хьоме нана
Нана са нана хьо ирс долуш яхийта
Деле ас до1анехь,йоьху,хьо даимна
Вай вовше къастина,ма гойла зама
Яхалахь хьо дукха са хьоме нана
Са хьоме нана
Written by: Айза Гамаева, Магомед Махаев