音樂影片

收錄於

積分

演出藝人
Раяна Асланбекова
演出者
詞曲
Сайхан Качаев
詞曲創作

歌詞

Дуьххьара са хьоьха кхетча бӀаьрг ,цӀеххьана
Хьо веза са ойла яцара.
Дикка хьалха кхечо шелдина са цхьалха,
Хьан безамо дог ца дохдора !
ХӀетте а ас хьой мел теттарх дӀа ца къарлуш,
Ахь са дег тӀе некъаш ма дира.
Ахь шерашкахь елла хьийзина и неӀ еллалуш,
Са даго хьан некъ тӀе ийцира.
Оццул со езаш ахь лехна хилча
Дог ца дилла хилла кийча.
Бохарна кхоьруш ларбе вай безам,
Хьайна соьца герго дезахь.
Са дуьхьа айхьа хьегнарг ма дицде,
Хила там бу тӀаккха вай ирсе.
Дуьнен чохь цкъа бе йоккхуш яц зама,
И марзонца яккха Ӏама
Ше дагна везнарг уллехь а воцуш
Хаа дуург дуьне доций.
Везнарг хьо цкъа са даг т1ера воьжнехь,
Хаалахь хьай юха боций некъ.
Со ца йоллу хьуна бетта букъ _ йазъелла,
Йе хьуна тӀе хьежа лаккхара.
Ма алалахь ахь са бӀаьргий нур _ хазделла,
Марзо яцахь соьца даггара.
Хийла безам боьхна дуьне ду _ вай дехарг,
Кхолламо тӀе хьагӀ йоссийна ше.
Зама яларх цхьанне къар ца луш _ бу безам бехар,
ДӀа ца яйтахь дагчу летта цӀе.
Written by: Сайхан Качаев
instagramSharePathic_arrow_out