積分
演出藝人
БЕКХАН
古鋼琴
詞曲
Радима Сумбулатова
詞曲創作
製作與工程團隊
Бекхан Саидов
製作人
歌詞
Даймахке
Лаьмнашка болу сан безам
Язлур бац соьга
Йа хезар бац иза
Кехат тIехь хьаькхна
Дисина сиз а
Ца гойтуш цхаьнна а
Дита ма деза
ХIара дуьне-м дехаш дара
Со йоцуш санна
Со цкъа а ирсе
Ца хилча санна
Седарчийн юккъе
Сай дог дIа дилна
Доьху ас хьоьга
Сун бехк ма билла
ДагайогIий хьуна
Вай яьхьна хенаш?
Хьан дагчохь хIинца а
Буй мукъам хезаш?
Кхин хIумма ца дисна
Соьгара дала
ХIара мукъам ас хьуна
Лерина ала
Кехат тIехь дешнаш дара
Хьоьх лаьцна дуьйцуш
И эцна седа бу
Ас мукъаме буьцуш
Са дешнаш стигалахь
Кардинер суна
Цаьрц цхьаьна сай дог
Ас карделла хьуна
Written by: Бекхан Саидов, Радима Сумбулатова